Классный час "Нохчийн мотт - деган хьоста"

23.04.2024

«Нохчийн мотт - деган хьоста»

Класс: 9Б

Кл.руководитель: Азиева М.Ш.

«Шен ненан мотт халкъо, сий ойбуш, 1алашбахь, цу халкъан парг1ато цхьаммо а хьошур яц», - аьлла нохчийн сийлахь-воккхачу яздархочо Мамакаев Мохьмада.И ларамаза а дац, х1унда аьлча муьлхха а къам дийна хиларан коьрта билгало ю цуьнан буьйцуш мотт хилар.

Нохчийн мотт – иза деккъа йоза-дешар хилла ца Iа. Ненан мотт-и гIиллакх ду, культура ю, тезет лелор, зуда ялорйигар ду, илли, литература, ловзар-синкъерам бу, халкъан юьхь, куьзга, хатI-амал ю. И мотт вайн ца хилахь, орам боцчу диттах тарлур ду вайн къам, я пачхьалкхе а хир яц. Ненан маттал деза хIума стеган дахарехь хуьлийла дац. Иза Iамор а, цунна богIуш болу тидам тIебахийтар а – иза вайн нохчийн коьрта декхар ду.