Нана-Даймохк
06.12.2023Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Ахьмадан Рамзанан Указаца «нохчийн меттан шо» д1акхайкхина дара 2023-г1а шо.
Шен ненан мотт ца хуучохь довза йиш йац къоман ламасташ, дуьненан къаьмнийн йерриг оьздангаллин хазна йовзаран дог1а ду шен ненан мотт хаар.Ненан маттаца йолу шовкъ к1аргйар, цуьнца йолу уьйр-марзо ч1аг1ъйар, цуьнан йистйоцу хазалла, бух боцу маь1на, ламасташ, г1иллакхаш дешархошна довзийтар 1алашо йолуш, Битимиров Хьамидан ц1арах йолчу Элистанжарчу йуккъерчу ишколехь д1айаьхьира «Нохчийн меттан шо» чаккхене доьдуш лерина суьйре: «Нана-Даймохк». Тахана Нохчийн Республикин куьйгалхочо лоьхуш дерг ду шен халкъан, Даймехкан зовкх.
Ткъа цуьнга кхочийла йац уггар хьалха дайн г1иллакхашкахулий, ламасташкахулий, шен ненан маттехулий бен.Дала вайна массарна а вешан ненан мотт безар а, цуьнан мах бовзар а лойла.
#Нохчийнметтаншо #Годчеченскогоязыка #Годпедагогаинаставника